Reader ready.
Duha Prayer (Forenoon Prayer) (Article - ce)
It is from the best optional prayers which the prophet encouraged his companions and nation so this article includes its rulings.
Contributors
Authorsalkhazor bin sultan Al - Chechani
Sourcesdinulislam - Dinul Islam Website In Chechen
Download all material files
2 files • 1.3 MB
Material files
1 / 2Social-friendly share text
📄 Духьа ламаз дар (ce)
📝 ДУХЬÁ ЛАМАЗ ] Chechen [ صلاة الضحى [اللغة الشيشانية ] Адама Султана Олхазар ألخزور بن سلطان الشيشاني www.dinulislam.com Духьá ламаз довзийтар Духьá ламаз – иза малх хьалабаьллачул тIаьхьа делкъа хан кхаччалц йолчу юкъахь деш долу суннат ламаз ду. Вайн наха цхьаболчара «зухьа» а, «зуьхьа-ламаз» а олу цунах. Хьадисехь «аввáбúн-ламаз» аьлла цIе яьккхина а ю цуьнан, делахь а суьйранна деш долу аввáбúн-ламаз дац иза. Кхин а, «ишрóкъ-ламаз» (малх хьалабаларан ламаз) аьлла девзаш долу ламаз а, духьá ламаз а цхьа ламаз ду, цундела духьá ламаз дича ишрóкъ-ламаз а дина ларалуш ду. [ 1 ] Духьá ламазан хьукм Духьá ламаз чIагIдина суннат ду. Духьá ламазан дозалла Духьá ламаз дар вуно чIогIа деза а, мелехь а ду, вайн догIмийн хIора хIуттургах дала деза сагIа тIерадоккхург иза бен дац, хьадисехь деана ма-дарра. ² Духьá ламаз Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – лардарца весет дина ламаз ду. Абу ХIурайрас – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «Сан доттагIчо (пайхамара) суна весет дира кхаа хIуманца: хIора баттахь кхаа дийнахь марха кхабарца а, духьá ши ракаIат ламаз дарца а, сой дIавижале витр-ламаз дарца а». [ 2 ] Абу Зарра – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «Суна везаш хиллачо – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – суна весет дира кхаа хIуманца, лекха хинволчу АллахIа мукъа лахь ас уьш цкъа а дуьтур а дац. Цо суна весет дира духьá ламаз дарца а, дIавижале витр ламаз дарца а, хIора баттахь кхаа дийнахь марха кхабарца а» . [ 3 ] ² Духьá ламаз Деле боьрзучеран ламаз ду. Абу ХIурайрас – Дела реза хуьлда цунна – дийцина, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Духьá ламаз лардийр дац даим Деле воьрзуш волчо бен, иза Деле боьрзучеран ламаз а ду» . [ 4 ] ² Духьá ламаз дар йоккха хIонс яккхарал деза ду. Абу ХIурайрас – Дела реза хуьлда цунна – дийцина: «Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – тIаме цхьа тоба яхийтинера, тIаккха цара йоккха хIонс еара, тIелатар дукха сиха а динера цара. Цхьана стага элира: «ХIай Делан Элча! ХIокху тобанал сиха тIелатар дина а, йоккха хIонс еана а кхин тоба гина яц-кх вайна!» Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира: «Ас вийцú шуна церал сиха тIелатар динарг а, кхин а йоккха хIонс яьккхинарг а? Иэца ма-дезза дика ламаз а эцна, тIаккха маьждиге а вахана, цу чохь Iуьйра ламаз а дина, тIаккха цул тIаьхьа (шен хенахь) духьá ламаз динчо тIелатар сих а дина, йоккха хIонс а яьккхина». [ 5 ] ² Iуьйранна духьá ламаз динчунна АллахIа тоам бийр бу массо хIуманна. Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Нуьцкъала а, сийлахь а волчу АллахIа бах: «ХIай Адаман кIант! Де дIадолалуш диъ ракаIат ламаз де Суна, Ас цаьрца дийнан чаккхенна тоам хуьлуьйтур бу хьуна» . [ 6 ] ² Iуьйра ламаз динчул тIаьхьа духьа ламазан хан тIекхаччалц маьждигехь а Iийна иза динчунна мел бу хьадж а, Iумрат а динчунна санна. АллахIан Элчано – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «ЖамаIатехь Iуьйра ламаз а дина, тIаккха АллахI хестош духьá ламаз даллалц маьждиг чохь сецнарг – цунна цунах мел хир бу кхоччуш хьадж а, Iумрат а динчунна санна» . [ 7 ] ² Адаман дегIан хIуттургашна хIора денна тIедожийна долу сагIа кхочуш хуьлу духьá ламаз дарца. Абу Зарра – Дела реза хуьлда цунна – дийцина, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «ХIора Iуьйранна шун хIора хIуттургана тIе сагIа дужу. Ткъа хIора тасбихь дар (субхьаналлахI алар) сагIа ду, хIорозза Дела хастор (алхьамдулиллахI алар) а сагIа ду, хIора «лаилахIа иллаллахI» алар а сагIа ду, хIора такбир (АллóхIу акбар) алар а сагIа ду, диканиг де алар а сагIа ду, вониг ма де алар а сагIа ду. Ткъа цунна тоам бийр бу духьá хенахь динчу шина ракаIато». [ 8 ] Бурайдас – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «Суна хезира АллахIан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – олуш: «Адаман дегIехь кхобIе кхузткъа хуттург ю. Ткъа цунна тIехь ду оцу хIора хуттургана тIера сагIа далар» . Асхьабаша элира: «Хьенан кхочур бу и дан ницкъ, хIай Делан Элча?» . Цо элира: «Маьждиг чохь йолу шатт...
🔗 https://b.islamhouse.com/ce/articles/57171