Reader ready.
Rulings Of The Two Feasts And Their Prayers (Article - ce)
An Article about Rulings Of The Two Feasts And Their Prayers
Contributors
Authorsalkhazor bin sultan Al - Chechani
Sourcesdinulislam - Dinul Islam Website In Chechen
Download all material files
2 files • 244 KB
Material files
1 / 2Social-friendly share text
📄 Шина Iийд дийнан а, Iийд ламазан а хаттарш (ce)
📝 IИЙД ЛАМАЗ А, ШИ IИЙД-ДЕ А Адама Султана Олхазар 1 – Iийд бохург а, Iийд-ламаз бохург хIун ду? «Iийд» Iаьрбийн дош ду, цхьа хIума юх-юха карладалар боху маьIна ду цу дешан бухера маьIна. Цундела, и Iийд де хIора шарахь юх-юха хуьлу дела аьлла ду иза цу дийнах. «Iийд-де» бохург – бусалба динехь ШариIато даздина дезаде ду. Иштта дезаде бусалба нехан шиъ ду: марха досту де а, гIурбанаш дойъу де а. Бусалба дино къастийна, хаьржина, билгладина дезаде и шиъ бен дац. «Iийд-ламаз» бохург – шина Iийд-дийнахь деш долу ламаз ду. 2 – Iийд ши ламаз маца дан долийна, цаьршинан тешалла а хIун ду? Марха дастаран Iийд-ламаз а, гIурбанаш дайъаран Iийд-ламаз а хIижратан терахьца шолгIачу шарахь дан долийна ду, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – дина долу доьххьара Iийд-ламаз хIижратан шолгIачу шарахь марха дастаран Iийд-ламаз ду. Iийд-ламазан тешалла лекха хинволчу АллахIа Шен Пайхамаре – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла долу дош ду: ﴾ Ткъа ламаз а де ахь, гIурбанна урс а хьакха ﴿ [Сурат «Ал-Кавсар» 2 айат]. Iелам-наха оцу айатан тафсирехь аьлла, и ламаз Iийд-ламаз ду аьлла. Кхин а, Бухарис а, Муслима а дийцина, Абу СаIид Ал- Худрийс – Дела реза хуьлда цунна – аьлларг: «Делан Элча – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – марха достучу дийнахь а, гIурба дуьйчу дийнахь а араволура (Iийд) ламаз дечу метте. Доьххьара цо дIадолош дерг ламаз дара, тIаккха схьавоьрзура иза, нахана шен юьхьца доьхьал вирзина хуьллучу агIор, нах шайн (ламазан) могIанашкахь хевшина Iаш а болуш. ТIаккха цо хьехар дора царна, омру а дора царна. ТIаккха, гIазоте дахийта эскар билгалдаккха лиъча иза билгалдоккхура цо, йа цхьана хIуманца омру дан лиъча омру дора цо, тIаккха дIавоьдара иза». 3 – Iийд-ламазан хьукм хIун ду? Парз ду иза йа муха ду? Iийд-ламаз парз дац, делахь а чIагIдина суннат ду иза, хIунда аьлча Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – иза юкъадаьллачу хенахь дуьйна ша валлалц цкъа а дитина хилла дац, цул тIаьхьа цуьнан асхьабаша а даим деш хилла ду иза. 4 – Пайхамара а – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цуьнан асхьабаша а иза иштта деш хилла хилча, парз доцуш чIагIдина суннат бен хIунда дац иза? Иза парз а доцуш, чIагIдина суннат бен ца хиларан тешалла ду, Бухарис а, Муслима а дийцина долу хьадис, Пайхамаре – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – парз дина долчу ламазех лаьцна цхьана стага хаьттича, цо иштта жоп деллера аьлла: «Дийнахь а, буса а пхи ламаз ду» . Цу стага юха а хаьттина хилла: «Уьш доцург кхин дуй суна тIехь (парз ламаз) ?» Цо жоп делла: «ХIан-хIа! Хьайна лаахь суннат ламазаш-м дийр ду ахь» . 5 – ЖамаIатца деш ду Iийд-ламаз йа дац? Хьан дан деза иза? Iийд-ламаз жамаIатца дечу суннат ламазех ду. Иза дан деза массо бусалбачо: стага а, зудчо а, цIахь волчо а, некъахочо а, маьршачо а, лай волчо а. 6 – Кечйелла йолу зуда яха мегар дуй и ламаз дан? Кечйелла йолчу зудчо а, божаршна питана дийр долчу зудчо а и ламаз шен цIахь дан деза, божарий гуллучу метте яха ца еза иза. 7 – Iийд-ламазехь суннат дуй азан дар а, къамат дар а? Дац, Iийд-ламазехь азан дар а, къамат дар а суннат дац. Цаьршина метта, цу ламазе кхойкхуш олу: «Ассолáту джáмиIахI» . 8 – Iийд-ламазан хан хIун ю? Маца до иза? Цуьнан хан дIайолало Iийд-дийнахь малх хьалабаларца, иза чекхйолу делкъа ламазан хан тIекхачарца. Iийд-ламаз дича уггар деза долу хан малх гоьмукъан бараме хьалабаьлча ю, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – и ламаз даим цу хенахь дина дела. 9 – Iийд-ламазан куц муха ду? Муха до иза? Iийд-ламаз ши ракаIат ду, ламаз дIадехкаран такбираца ( «АллóхIу акбар» аларца) дIадоладо иза кхидолу ламаз санна. ТIаккха ламаз дIадолоран доIа до, тIаккха ворхIозза такбир до «АллóхIу акбар» олуш, хIора такбир дечу хенахь ши куьг белшийн барамехь хьала а айдеш, ламаз дIадоьхкучу хенахь санна. Оцу хIора такбир юкъахь хан йолуьйту, дукха доца а доцуш, дукха деха доцуш долчу юкъарачу айатан барамехь. ХIора шина такбир юкъахь хIара дешнаш алар суннат ду: «СубхьáналлóхIи валхьамдулиллáхIи валáилáхIа иллаллóхIу валлóхIу акба...
🔗 https://b.islamhouse.com/ce/articles/49346