Reader ready.
Scarificed Animal (Article - ce)
Simple Article as Questions And Answers About Scarificed Animal
Contributors
Authorsalkhazor bin sultan Al - Chechani
Sourcesdinulislam - Dinul Islam Website In Chechen
Download all material files
2 files • 1.4 MB
Material files
1 / 2Social-friendly share text
📄 ГIурбанан хаттарш (ce)
📝 ГIУРБА ДЕР Адама Султана Олхазар 1 – ГIурба дер бохург хIун ду? ГIурба – иза лекха хинволчу АллахIана герга вахархьама, Iийд-дийнахь дуьйш долу хьайба ду – эмкал, йа бежана, йа уьстагI, йа газа. 2 – ГIурба деран тешалла хIун ду? ГIурба деран тешалла Къуръана тIера айат а ду, Суннатера хьадис а ду. Лекха хинволчу АллахIа бах: ×Ткъа ахь хьайн Делана ламаз а де, (гIурбанна) урс а хьакхаØ (Сурат «Ал-Кавсар» 2 айат) . Имам Тирмизийс дийцина, Ибн Iумарера – Дела реза хуьлда цунна – схьа, Делан Элчано а – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – бусалба наха а гIурба дийра аьлла. 3 – ГIурба дер мел деза, мел мелехь ду? Iаишата – Дела реза хуьлда цунна – аььал: «Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира: «ГIурбанан дийнахь, Адаман кIанта йийр йолчу Iамалех АллахIана уггар дукха езарг – (гIурбанна урс хьокхуш) цIий Iанор ю. Бакъдолуш, къемат дийнахь иза догIур ду (ша ма-дарра) , шен маIашца, шен месашца, шен бергашца, (оцу хIора меженаца цунна мел хуьлуш) . АллахIа къобал до цо Iанийна цIий, иза лаьтта охьа а дожале. Цундела, аш и (гIурба) доьйла шайн цIенчу даггара, и дер дика хеташ». [ 1 ] 4 – ГIурба деран хIун хьукм ду? ГIурба дер чIагIдина суннат ду, важиб дац, делахь а шен ницкъ кхочург иза ден хьажа веза, хIунда аьлча Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ша Мединатехь даьккхинчу итт шарахь хIоразза а гIурба дуьйш хилла дела. [ 2 ] Ткъа иза важиб доцуш, чIагIдина суннат хилар гойту, Ибн Iумаре – Дела реза хуьлда цунна – «иза важиб дуй?» аьлла хаьттича, цо – «Делан Элчано а – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – бусалба наха а дийра гIурба» - аьлла жоп даларо, важиб ду а ца олуш. [ 3 ] Кхин а, «иза суннат а ду, дика а ду» а аьлла цо – Дела реза хуьлда цунна. [ 4 ] Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Шен гIурба ден аьтту а болуш гIурба дуьйр доцург тхан ламазан-чоьнна герга ма вогIийла» . [ 5 ] Цундела, доьзалахь цхьамма дийча суннат массарна а тIера долу, цхьана доьзалехь цхьамма а ца дуьйш дитар дика дац. Бакъду, шина хьолехь важиб хуьлий тIедужу гIурба дер: Хьалхара хьал: Шен цхьана даьхни юкъара гIурбанна ден мегаш долчу хьайбанна цIе тоьхча, масала – «хIара уьстагI гIурбанна буьйр бу ас» - аьлла цхьа уьстагI билгалбича, и уьстагI бер важиб хуьлу цунна тIехь. ШолгIа хьал: «АллаIха доьхьа ас сайна тIелеци гIурба дер» - аьлла, йа и маьIна долчу цхьана кхечу дешнашца, цхьаммо шена гIурба дер тIелацахь, важиб хуьлий тIедужу цунна иза. 5 – ГIурба дер хьанна ду суннат? Хьан ден деза иза? ГIурба ден деза хIара кхо биллам шеца кхочуш хиллачо: 1) Бусалба хилар. Бусалба воцучуьнга гIурба де олуш дац. 2) Кхиъна ваьлла а, хьекъал долуш (шен кхетамехь волуш) а хилар. 3) Ницкъ кхочуш хилар. Ницкъ кхочуш лору, нагахь санна шена а, ша кхаба безачарна а, Iийд-дийнахь а, цул тIаьхьа долчу кхаа дийнахь тоьъачул – юучунна-молчунна а, духарна а, хIусамна а – даьхни делахь, тIаккха цул совнаха гIурба эццал ахча хилча. 6 – ГIурба хIун маьIна долуш дуьйш ду? Уггар хьалха хаа деза, гIурба дер Iибадат хилар, цундела вайна довза тарлуш долу цуьнан маьIнаш массо а Iибадатн маьIнел тIаьхьа догIуш ду, ткъа муьлхха а Iибадатан маьIна – АллахIана муьтIахь хилар гайтар, Цо аьлларг къобал дар гайтар, Цо аьллачунна реза хилар гайтар, адамо ша Цуьнан лай хилар гайтар ду. И муьлхха а Iибадатца долу коьрта маьIнел тIаьхьа, гIурба деран бахьанех а, маьIнех а ду ИбрахIим-пайхамар – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – Дала шен кIантана урс хьакха аьлла тIедожорца зийначул тIаьхьа, Цо цунна цхьа боккха ка белла хилла гIурбанна бен, цуьнан кIентан метта бен, тIаккха и ка бийна цо гIурбанна. Цо и доккха гIурба дер карладоккхуш доь вай а и гIурба, цунах тарлуш, цуьнан некъаца некъ лоцуш. Цул совнаха, Iийд-де массо бусалба нехан деза де ду, цундела цу дийнахь массо бусалба нах цхьатерра самукъане хилар кхочушдарна гIо а ду гIурба дерца, цуьнан жижиг мискачарна а, хьашт долчарна а дIадаларца, шен доьзална а, охIлунна а цу дийнахь хазахетийтарца. Ткъа иштта и сагIа делча, бусалба юкъараллин барт чIагIло,...
🔗 https://b.islamhouse.com/ce/articles/49284