Reader ready.
Invoking Allaah For Guidance Prayer And Its Supplication (Article - ce)
A Brief Summary About Invoking Allaah For Guidance Prayer And Its Supplication
Contributors
Authorsalkhazor bin sultan Al - Chechani
Sourcesdinulislam - Dinul Islam Website In Chechen
Download all material files
2 files • 1.1 MB
Material files
1 / 2Social-friendly share text
📄 Истихара ламаз а, цуьнан доIа (ce)
📝 Истихáра ламаз даран маьIна Истихáра ламаз даран маьIна – лекха хинволчу АллахIе дехар ду, хьайна дан лууш долчу цхьана гIуллакхехь Цо хьо Ша хаьржина, Шена гергахь гIолий а, дика а долчунна тIеверзор. Деле гIуллакхех дикачунна тIенисвар дехаран а, цуьнан ламазан а хьукм Массо Iелам-нехан бартхиларца, цхьа гIуллакх дан лууш волчо, АллахIе оцу гIуллакхах дикачунна тIенисвар дехар а, и доьхуш истихáра-ламаз дар а суннат ду. Иза иштта хиларан тешалла ду лахахь хьахийна долу хьадис. Истихáра ламазан дозалла СаIда – Дела реза хуьлда цунна – дийцина хIара хьадис: «Áдаман кIентан ирсах ду цо АллахIе шена шен гIуллакхах дикачунна тIенисвар дехар». [1] IабдуллахIан кIанта Жабира – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – тхуна Iамадора массо хIуманна тIехь истихáра (дикачунна тIенисвар дехар) дар, ша тхуна Къуръанан тIера сурат Iамош санна. Цо олура: «Шайна цхьа хIума дан дага деанчо, ши ракаIат (ламаз) дойла, перз ламаз а доцуш (суннат ламаз), тIаккха цо олийла: «АллóхIумма иннú астахúрука биIилмика, ва астакъдирука бикъудратика, ва асъалука мин фадликалIазúм, фаиннака такъдиру ва лá акъдиру, ва таIламу ва лá аIламу, ва анта IаллáмулгIуйýб. АллóхIумма ин кунта таIламу анна хIазалъамра […] хайрун лú фú дúнú, ва маIáшú ва Iáкъибати амрú, факъдурхIу лú, ва йассирхIу лú, сумма бáрик лú фúхIи. Ва ин кунта таIламу анна хIáзалъамра […] шаррун лú фú дúнú, ва маIáшú ва Iáкъибати амрú, фасрифхIу Iаннú, васрифнú IанхIу, вакъдур лийалхайра хьайсу кáна, сумма ардинú бихI». [2] Муьлха гIуллакхана дан деза истихáра ламаз? Билггал вон дуй а, дика доций а хууш долчу хIуманна истихáра ламаз ца до, хIунда аьлча и санна долу хIума дар йа мегаш дац, йа дика дац, ткъа хIара ламаз диканиг доьхуш деш ду. ХIинцца ца дича ца долуш долчу важиб хIуманна а истихáра ламаз дан ца оьшу, хIунда аьлча иза харжам болуш хIума дац, дина чекхдаккха дезаш ду. Билггал дича дика дуй а, мелехь дуй а хууш долчу цхьана хIуманна а истихáра ламаз дан ца оьшу, хIунда аьлча иза а билггал дика дуй хууш дерг ду. Делахь а, истихáра ламаз дича дика хир ду, билггал дича дика дуй а, мелехь дуй хууш долу ши хIума доьхь-доьхьал хIоьттина делахь, цу шиннах уггар дикачунна тIенисвар доьхуш. Кхин а, хан еха йолуш долу важиб хIуманна хьалха лаьтташ цхьа новкъарлонаш елахь а истихара ламаз дича дика ду, масала, новкъахь цхьа кхерамаш болуш хан-зама елахь, цу заманахь хьадж дарна истихара ламаз дар санна. Ткъа уггар дукха истихáра ламаз дан тарлуш долу хIуманаш – мегаш долу хIуманаш ду, йа важиб а, мустахьабб а, йа хьарам а, макрухI а доцуш, царна юккъара долу хIуманаш ду, масала цхьа хIума иэцар, цхьанхьа вахар, цхьанхьа деша хIоттар, цхьанхьа балха хIоттар, зуда ялор, иштта кхидIа а. Маца дан деза истихáра ламаз? Шена цхьа гIуллакх дан дага деъча, истихáра ламаз дале хьалха, и гIуллакх девзаш хир бу аьлла хетачу дикачу нахах а, говзанчех а дага вала веза. Лекха хинволчу АллахIа аьлла: × Церах дага а вала хьо (хьайн) гIуллакхехь Ø [3] . ТIаккха, церах дагаваьллачул тIаьхьа, и гIуллакх шена пайденна дуй хиъначул тIаьхьа, АллахIе деха деза, истихара ламаз дан деза. [4] Истихара ламаз дан ца мега, и санна долу кхидолу суннат ламазаш дан ца мегаш йолу хенашкахь. И хенаш а йоцуш, кхечу муьлхха а хенахь дан мега иза. Муха деха мегаш ду АллахIе, шен гIуллакхах дикачунна тIенисвар? Шен гIуллакхах дикачунна тIенисвар АллахIе дехар кхаа кепара ду: 1) Парз ламаз а доцуш, йа цхьа а кхин ламаз а доцуш, къаьсттина, истихара ламаз дан аьлла ниййатца ши ракаIат ламаз а дина,...
🔗 https://b.islamhouse.com/ce/articles/49273